Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев Страница 121

Тут можно читать бесплатно Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев. Жанр: Проза / Историческая проза. Так же Вы можете читать полную версию (весь текст) онлайн без регистрации и SMS на сайте 500book.ru или прочесть краткое содержание, предисловие (аннотацию), описание и ознакомиться с отзывами (комментариями) о произведении.
Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев
  • Категория: Проза / Историческая проза
  • Автор: Магомет Абуевич Сулаев
  • Страниц: 122
  • Добавлено: 2023-06-15 09:10:42
  • Внимание! Книга может содержать контент только для совершеннолетних. Для несовершеннолетних просмотр данного контента СТРОГО ЗАПРЕЩЕН! Если в книге присутствует наличие пропаганды ЛГБТ и другого, запрещенного контента - просьба написать на почту pbn.book@yandex.ru для удаления материала


Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев краткое содержание

Прочтите описание перед тем, как прочитать онлайн книгу «Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев» бесплатно полную версию:

Эта книга содержит роман Магомеда Сулаева «Горы помнят», он тесно связан с романом «Тавсолта покидает горы». Здесь показаны те же герои, что и в первом романе автора, и раскрыта та же тема. Но в новом романе автор восстановил те эпизоды, которые ему пришлось удалить по соображениям цензуры. Кроме того, он добавил новые сцены и расширил содержание романа. С художественной точки зрения роман представляет собой весьма органичное и содержательное полотно. В нем читатель найдет занимательный сюжет, яркие и впечатляющие образы героев, описания природы, психологически захватывающие эпизоды. Впечатляет язык произведения. Это красивый образный чеченский язык, насыщенный мудрыми изречениями, красивыми речевым оборотами. Сохраняя форму и содержание эпического произведения, Магомед Сулаев создал одно из лучших своих произведений, роман о судьбе поколения чеченцев, которым досталось испытать вся тяготы войны и депортации. В книгу также включены религиозные стихи автора, написанные в разное время.

Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев читать онлайн бесплатно

Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев - читать книгу онлайн бесплатно, автор Магомет Абуевич Сулаев

обарган хала дакъа шега кхийдорна. Даго дуьхьал жоп луш, йалош йолу бакъонаш, бахьанаш онда а, мехала а хуьлий, йохье ваьккхина волу Юсуп къарло. И обарган буьрсачу новкъа волу. Герггарчу хенахь тӀехӀуттун йолчу инзаречу халонашкахь, кхерамашкахь ша-шен дог зуьйр дуйла а хоуьйта Юсупа. Тидаме эца деза хӀокху халкъан говзарехь а, буьйцучу нохчийн маттахь а маьӀнин коьрта меттиг дӀалоцушдерг дог хилар.

Вай йалийначу фольклоран говзарехь синан-ойланан маьӀна долу дешнаш коьртачу могӀарехь а дац, иэшаман позицехь а ду: (даго) ойла дӀайаьхьна, (даго) синтем бохийна. «Арадахарх узамехь» а билгалйоккху кийрара деган чӀогӀалла а, цуьнан коьрта хилар а: «И чуьйна болат ма чӀогӀа ду, — И сенчу цӀаро лаладо, Хьо стенах дина, кийрара дог? Ма чӀогӀа хиллера хьо, кийрара дог. Везачу Дала кхиэл йина, Цу гуьржийн нехан лаам хилла, Даймахках дала хьайга аьлча, Ца дегира, ца дешира кийрара дог. Хьо стенах дина хиллера? Ма чӀогӀа дина хиллера хьо?..» (7). Шен даге хьажийна бу «Ваша вийначу йоьӀан узамехь» цхьалха йисинчу, маьлхан дуьне диттал дакъазйаьллачу йоӀа беш болу кхайкхам а: «Ма делха-а, сан кийрара дог, Хьо хьистинарг гур вац хьуна, И ца гучу кху дуьнен чохь Лаьттан кийрахь товр ду вайна…» (8). Хьалха даге а кхойкхий, тӀаккха шен сине йистхуьлу «Хьуьнхахь йисначу йоьӀан узаман» лирически турпалхо а: «Да велла диса хьо, Сан кийрара дилха дог! Хьайна ловза ца тоьъначу Баьссачу кийра Хьо таӀий дижа-кха. Да велла диса хьо, Хьан куралла йохийна, Ӏожалла кхечи. Да велла диса хьо, Сан кийрара мерза са! Вайша даккха ца хилла Вайшинна орца, Сан дегӀах хьо къаста (8) Хан герга хилла, ДӀакъастий далахьа, Да велла диса хьо!..» (9).

Ткъа Сулаев Мохьмада фольклоран а, буьйцучу нохчийн меттан а дог коьрта лараран ламасталла шен поэзехь керлачу исбаьхьаллин кхетаман экъанна тӀедоккху. Цо хьалхарчу доӀанехь шен Делаца йолу йукъаметтиг къастош коьртаниг дой, дӀахӀоттадо са, цуьнца кхетаман уьйр йолу цхьаьна тобанера дешнаш а (ойла, хьекъал, корта). Оцу доӀанан хьалхарчу декъерчу стихаша кхин а гойту: Делах тешар поэта уггаре хьалха а, коьртачу декъехь а шен ойланца, хьекъалца тӀеэцна хилар. Цундела, шен доӀанехь Сулаевс Кхоьллинчуьнга деш долу хьалхара дехар метафорин хьесапехь ойланца уьйр йолуш ду: «Дикачу ойланех Бузалахь сан корта…». 9–10. Ткъа хӀокху хьалхарчу стихехь деган метта цуьнан маьӀница поэта даладо керла дош — йуьхьаца. Оцу харжаман халкъан кхетамехь шен бух бу. Нохчийн олуш ду: «даг чохь дерг — юьхьа тӀехь гуш хуьлу». Оцу синан-ойланан а, юьхьан-деган а шина тобанан дешнийн маьӀнех пайдаоьцуш, поэта керла, кӀорггера философски чулацам болу метафорш а, кхин исбаьхьаллин поэтически гӀирсаш а кхуллу. Церан гӀоьнца Сулаевс шен коьрта ойла йовзуьйту дешархошна. И ойла йу — ша кхоьллина волу, ша даггара тешаш а, лоруш а волчу АллахӀ-Далла Ша муьтӀахь хилар дӀахаийтар.

Поэтан а, доӀанерчу лирически турпалхочун а цхьа лаам бу, оцу лаамца и шиъ вовшах кхетта, цхьааллехь ву — «Адам» бодане Ӏазапера къинхетаме Делан серлоне дуьгучу новкъахь — Цуьнан «гӀоьнча» хилла, пайденна хила лаар. Хьалхара доӀа поэта йаздина шен нохчийн къомана а, йерриге а пачхьалкхана а тӀехӀоьттинчу инзаре боккхачу сингаттаман кӀорггера ойла а йина («Меттан ницкъ берриг а Сайн дагца гулбина». 5–6.) Деле беш кхайкхамаш бу, дехарш ду. Оцу ворхӀ дехаран чулацамца, церан тематикица билгалйолу поэтан дуьнен чохь вахаран Ӏалашонаш, цуьнан уггаре а кӀорггера синан а, деган а лаамаш: 1. Поэта АллахӀ-Деле доьху шен корта дикачу ойланех бузар; 2. Коьртехь йолу дика ойланаш толош, поэтан аьтто бар; 3. АллахӀ-Дала адам шен серлоне дуьгучу новкъахь оьшучохь поэтах гӀоьнча вар; 4. Поэтан дика дерриге а адамийн долахь гайтар; 5. Адамийн дика дерг поэтана ган таро хилар; 6. Поэта шен хьекъал а, дог а АллахӀ-Делаца бертахь дар доьху; 7. АллахӀ-Делан дикачу новкъа ша вигар доьху поэта Кхоьллинчуьнга.

ХӀокху доӀанан дехарийн чулацаман маьӀна а, церан поэтически сурт кхолларан гӀирсийн чулацаман а анализ йеш, вай дешархойн тидам тӀебохуьйтур бу доӀанехь нохчийн кхиъна вогӀучу поэта шен ойла билгалйоккхуш долчу маьӀнийн коьртачу дешнашна. Царех цхьаъ ду «адам» (къам, халкъ) боху дош, хьалхарчу доӀанехь Сулаевс кхузза далош долу. Итон-Кхаьллахь нохчийн лаьмнашкахь Ӏаш а, лоьран болх беш а волчу поэта буьйцуш берш шен къоман нохчий хилла ца Ӏа йа къаьмнашца къастийна нах бац — дерриге а адамаш ду. Уьш вай Кхоьллинчо, къаьмнашкахь къеста а ца деш, Шен серлоне дуьгуш ду. Оцу халачу а, жоьпалле болчу а новкъахь долчу дерриге а адамех къинхетам беш ву нохчийн поэт. Цо доьху вай Кхоьллинчуьнга шен Поэтан долу «дика» адамашкахь гайтар. Кхечу кепара аьлча, цаьргахь массаьргахь а вовшашка къинхетам а, АллахӀ-Делах тешар а хуьлийла лаьа Сулаевна, шегахь санна. И ду цуьнан «дика». Цул сов, Кхоьллинчо шена делла Поэтан кхетаман дакъа доллушехь, куралла а йац цуьнгахь. Адамийн дика дерг шена ган таро йоьху Поэта АллахӀ-Деле. И нехан «дика» ган а, гича шена тӀеэца а лаам бу Поэтехь. Иштта, массеран сингаттам, массо адаман доладар, къинхетамбар шена тӀеозийна, бакъволу дуьненан Поэт хилла ГӀойтӀара Сулимин ЦӀоьбигӀеран Абун воӀ Мохьмад. ТӀетохар Сайн синца, йуьхьаца Хьоьгахьа вирзина, Йерриге ойланца Хьуна тӀевирзина, (*) 5. Меттан ницкъ берриг а Сайн дагца гулбина, Йо, Дела, со Хьоьга Доьхуш ву тахана: Дикачу ойланех 10. Бузалахь сан корта, Уьш толош, аьтто а Ахь белахь сан шорта, Адам Хьайн серлоне Дуьгучу цу новкъахь 5. Оьшучохь хьайн гӀоьнча, Доьху, сох ахь велахь! Гайталахь сан дика Адамийн долахь, Адамийн дика дерг а. Ган таро лолахь. Хьекъал а, дог а сан Хьайца дай бертахь, Йо, Дела, вигалахь Хьайн дикчу новкъа со. (1942 — 5 октябрь, Итон-Кхаьлла)

Мунаев ИсмаьIил, филологин Iилманийн кандидат, фольклорист

Примечания

1

«ТIиэ-йуьххье» — хIетахь НГIАССР-н НКВД-н гIишло хилла Грозный-гIалахь Соьлжа йистехь долчу тIайна йуьххьехь. Цундела НКВД-х вайнаха xleтахь дуьйна иштта олуш хилла, цуьнан шен йолу це а ца йоккхуш.

2

«Прогнозис пессима» — латински (лоьрийн) маттахь — «сатуьйсийла йац» — бохург ду.

3

Билмейман — суна ца хаьа (казахийн маттахь)

4

Аман — могаш хуьлда!

5

Жахсы — дика ду.

6

Акхсакхал — воккха стаг (казахийн маттахь).

7

Ата — да (казахийн маттахь)

8

Кибитка — цIа (казахийн маттахь).

9

Отар — охьахаа (казахийн маттахь).

10

«Бастык» — куьйгалхо, председатель (казахийн

Перейти на страницу:
Вы автор?
Жалоба
Все книги на сайте размещаются его пользователями. Приносим свои глубочайшие извинения, если Ваша книга была опубликована без Вашего на то согласия.
Напишите нам, и мы в срочном порядке примем меры.
Комментарии / Отзывы
    Ничего не найдено.