Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев Страница 112

Тут можно читать бесплатно Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев. Жанр: Проза / Историческая проза. Так же Вы можете читать полную версию (весь текст) онлайн без регистрации и SMS на сайте 500book.ru или прочесть краткое содержание, предисловие (аннотацию), описание и ознакомиться с отзывами (комментариями) о произведении.
Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев
  • Категория: Проза / Историческая проза
  • Автор: Магомет Абуевич Сулаев
  • Страниц: 122
  • Добавлено: 2023-06-15 09:10:42
  • Внимание! Книга может содержать контент только для совершеннолетних. Для несовершеннолетних просмотр данного контента СТРОГО ЗАПРЕЩЕН! Если в книге присутствует наличие пропаганды ЛГБТ и другого, запрещенного контента - просьба написать на почту pbn.book@yandex.ru для удаления материала


Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев краткое содержание

Прочтите описание перед тем, как прочитать онлайн книгу «Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев» бесплатно полную версию:

Эта книга содержит роман Магомеда Сулаева «Горы помнят», он тесно связан с романом «Тавсолта покидает горы». Здесь показаны те же герои, что и в первом романе автора, и раскрыта та же тема. Но в новом романе автор восстановил те эпизоды, которые ему пришлось удалить по соображениям цензуры. Кроме того, он добавил новые сцены и расширил содержание романа. С художественной точки зрения роман представляет собой весьма органичное и содержательное полотно. В нем читатель найдет занимательный сюжет, яркие и впечатляющие образы героев, описания природы, психологически захватывающие эпизоды. Впечатляет язык произведения. Это красивый образный чеченский язык, насыщенный мудрыми изречениями, красивыми речевым оборотами. Сохраняя форму и содержание эпического произведения, Магомед Сулаев создал одно из лучших своих произведений, роман о судьбе поколения чеченцев, которым досталось испытать вся тяготы войны и депортации. В книгу также включены религиозные стихи автора, написанные в разное время.

Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев читать онлайн бесплатно

Лаьмнаша ца дицдо - Магомет Абуевич Сулаев - читать книгу онлайн бесплатно, автор Магомет Абуевич Сулаев

цуьнца цхьаьна йухайола кхана, йа лама, — элира цо, «цхьаьна» даша тIехь хаъал аз чIагIдеш. Кхин ца соцуш, иза дIавахара.

Кийра алу туьйхира Нурседина, ша лаьттачохь йуьхь а цIийлуш. И кхийтира шел хьалха чуйаханчу TIayca цхьа эладита дарх а, иза Элдаровс дIалацарх а. Секретаре Iодика а йина, Нурседа цигара сихха Совминан председатель волчу йахара. Иза обкоме вахана а хилла, Нурседа обкоме сихйелира — белхан де чекхдала дисинарг сахьт гергга бен дацара. ГIалахь уггар хазачех долчу, Iаьрбийн архитектурин хотIехь долчу, лекхачу, кIайн-можачу цIеношка кхечира Нурседа чехка.

ЦIеношна хьалха, хаза куц деш, йаьржинера, зезагашца кхелина шуьйра майда. Майдана йуккъехь лаьттара болатах воьттина Ленин. XIapa обкоме чукхаьчча, берриг куьйгалхой, Москвара веанчу ЦК-н векалца цхьа совещани хIинцца чекх а йаьлла, и новкъа ваккха арабевлла карийра. Амма женотделехь цхьана йевзачо элира кхуьнга:

— Кестта йалх-ах даьлча, йоьдучуьнца иза новкъа воккхуш, берриш вокзалехь хир бу, хьуна. Цуьнца вайн хьалхарниг а воьду. Оццу поездаца со а йоьду Ростох. Лаахь, вокзале йола.

— Дика ду, — аттачу дагара тIетайра Нурседа, цIеххьана цхьа аьрха хIума дагадеана.

Поезд схьакхачале кехаташ кечдан а, ша Элдаровс тIеэцарх телефонехула Кериме хаам бан а «Кавказ» гостинице, шен номере йаханчохь мелла а хьиэелла Нурседа хIинца, тIе «такси» а ца карийна, шен буха йисина хан нисса лерина, сов сиха гIаш йогIура вокзале, нийсачу Комсомольски урамехула. Дехьий-сехьий дIакхаччалц дийгIинчу, хIинцца сенделла техкачу диттийн IиндагIехула йогIура и, бIаьстенан хьожанаша мере таме тов а детташ.

Вокзалан майданна чувулучохь, можа басар а хьаькхна, йеттинчу кибарчигийн нартол хьовзийнчу кех йаьлча, перронехь, аьчган кертал дехьа, йоккха пхьоьха гира кхунна. XIapa тIекхаьчча, хьалхарчу платформехь, цIерпоштан вагонан бухарчу лами тIехь, накъосташна вела а къежаш, лаьттара, дIаваха новкъа ваьлла ЦК-pa веанарг. Йуххе хилча, Нурседина вевзира Вильянов! Цунна хьалха, го а бина, дийнна тоба лаьттара: обкоман хьалхарий, шозлагIий секретараш, Совминера Элдаров, культурин министр, цуьнан заместитель Усманов а.

Вагонан тамбур тIера, Нурседега куьг лестош, схьахьоьжура Ростох йоьду обкомере женотделен белхахо а. Нурседа, шена меттиг йоккхуш, тIе а хилла, бIаьрг тIера цо боккхуш хьоьжура Вильяновга. Цунна ца гора xIapа. Нурседина иза хIинца а, тохара санна, цхьана йоккхачу Iалашоне кхача сихвеллачу некъахочух тера хийтира, амма цуьнца хIинца йацара тохарлера, цкъаццIа бIаьргаш чохь гуллу мархаш. Цуьнан цIена бIаьргаш синкъерамечу нуьрах догура. Коьртара кIайн чилланан месаш мохо йайн кегайора.

— Амма, цхьабакъду, — Нурседас схьалецира цо шена гонах лаьттачу обкоман куьйгалхошка аьлле дешнаш, — промышленностан кхиамашка кхочуш бац шун идеологически болх. Иза а айа беза аш!

Нурседа, хьалхахьа теIара, дIакховдо кечйина цхьа конверт а карахь, нах меллаша дIаса а хилош.

— Нурседа, хьо муха кхечи кхуза? — кхуьнан пхьарс а лоцуш, хазахетарца хаьттира Усмановс.

— Цу тоххара вайшимма дийцинчу гIуллакхна… Минфинехь а, Совминехь а дош ца хуьлу, цундела кхуьнга хIара кехат дIадала дагахь йеана-кх со!

Усмановс, и ша къобалдойла хоуьйтуш, къайллах цуьнан пхьарс а Iовдуш, некъ битира цунна.

Кхунах хIинца бIаьрг кхетта Элдаров, кхуьнгахь конверт а йайча, гома схьахьаьжира. Шена уллорчу накъостан лере цхьа шабарш дира цо. Нурседа кхин а хьалха таьIира. ХIара йуххе кхоччушехь, Элдаровца волчу накъосто элира, эсала вела а къежаш:

— Ахь хIун до? Мегар дац! Собарде!

— ХIан-хIа, сан йиш йац цунна тIе ца кхаьчча! — иза ондда дla а теттина, Нурседа хьалхарчу могIаре йелира.

ЦIийеллачу, йоьхначу йуьхьаца схьавирзира Элдаров:

— Хьовсийша, кхин эхь ца хеташ, схьагIертачуьнга!

Цхьаъ-м, некъ букъуш, Нурседина хьалха хIоьттира. Амма хIинца, и йуххе йеъча, ма-йарра и гинчу Вильяновс элира:

— ХIан-хIа! ТIейаийта! — тIаккха цIеххьана: — Суна йевза и!.. Нурседа! — аьлла, ша тиллича санна, цуьнан цIе йаьккхира хьешо, массо а цецбовлуш. Hаx дIасахилира, гIар йайра.

— И вон амал! — эккхийтира Элдаровс шена йуххерчуьнга.

— ХIан-хIа! Цуьнан амал а йевза суна! И вон амал йац! — элира Вильяновс.

Йуха а гIовгIа гIаьттира. Вильяновна нисса тIейахара, корта айббина, Нурседа. Лами тIера охьа а вуссуш, куьг а луш, маршалла хаьттира цуьнга Вильяновс.

— Дийцал, Нурседа, муха Iа шу хIинца? ХIун оьшу? — сахьте хьаьжира и. Поезд йолайала кIезиг хан йисинера.

— Накъост Вильянов! Ламанхойн мехкарийн интернат йаран хьокъехь xlapa заявлени хьуна тIе дохьуш йеана со… кхузахь гIуллакх а ца хилла… Ахь гIo ца дахь, дош хилац, — элира Нурседас, йуьхьанца цкъа дего доладеллачу, йуха сихха меттадеанчу озаца.

Вильянов воккхаверца хьаьжира Нурседе: тохарлерачунна хьалха культурехь а дикка кхиъна стаг йара схьагург. Хьаьрсачу месийн стаммий чIабанаш, кур беш, товш хьарчийнера; тIехь йара сийначу бостонан костюм. ПарггIата лаьттара. Вильяновс, сихха даьстина, ша лаьттачохь дийшира кехат. Элдаровгахьа дIахьаьжира и. Важа хаъал кхуьйлира. Усмановн бIаьргаш чохь чиркх летира.

— Дика ду, Нурседа! Оха гlo дийр ду. Схьагарехь, зударшна некъ баккхаран гIуллакх тIаьхьаьдуьсучух тера ду шун кхузахь, — обкоман хьалхарчу секретарехьа вирзира и. — Шуна кхузахь ахча ца карадахь, Москвахь а хьовсур вай…

— Ахча-м тхуна карор ду кхузахь а! — хьалхатаьIира Элдаров.

— Хьалха-м ма ца элира ахь и, накъост Элдаров! — Iоьттира Нурседас.

— И хIун ду, Ткъа накъост Элдаров? — хаьттира Вильяновс.

— Ас… со… ахча-м хир ду… жимма собардичахьана… Цкъа бен йеъна а ма йац xlapa со волчу. Хир ду… карор ду… накъост Вильянов.

— «Цкъа бен йеъна а йац»… Йаз моссаза дина? TIe, ахьа-х чу а ца вуьту… мил-мила а! — тIетуьйхира Нурседас. Хьалхара секретарь шийло дIахьаьжира Элдаровга.

— Оха и тайпа гIуллакхаш талла ЦК-pa комисси а йоуьйтур йу кхуза. Шуна гIo дан. Бехкечаьрга жоп а доьхур ду! — ТIаккха Нурседегахьа вирзира Вильянов. — Iар-йахар муха ду? ХIун болх беш йу хьо хIинца? Да а, йиша а дуй могаш?

— Дика дохку. Могаш а ду. Дерриш балхахь а ду тхо.

— Хьо муьлхачу балхахь йу?

— Райкоман женотделехь, — охьахьаьжира Нурседа, ша заведующи йу ца ала. Вильянов кхийтира.

— Дика ду. Дешар муха ду хьан?

— ЦIа даьхкинчул тIаьхьа, дукха хан йоццуш, Москвахь ВПШ-хь, йалхбеттан курсашкахь дийшира.

— Сов дика ду. Делахь а, кхин дIа а деша деза ахь, Нурседа! Вуз чекхйаккха! Болх беш, заочно! Иштта тоьлур ду!

ЦIерпошт тохайелира. Массеран Iодика а йеш, вагонна тIе волуш, Вильяновс куьг хьалха Нурседега кховдийра. Дуьхьал йогIу важа пассажирски поезд дехьарчу платформе схьакхоччушехь, Вильянов тIехь верг дIайолайелира. Тамбур тIера Нурседега, лепачу йуьхьаца, лаккха айина куьг лестадора обкоман женотделерчу йевзачо…

КIайвеллачу Элдаровс элира шен накъосте:

— Эхь дац и… оццул дика чекхдолуш лаьтта цхьаьнакхетар цу питанчо, йукъа а иккхина, талхий-кх. Гирий хьуна, цуьнан йуьхь кхулуш? Дош дацара иза…

Усмановс, къайллаха тIевахана, куьг Iаьвдира Нурседин.

Цу сохьта, хьуьхь а йоьлла, йуьхьа тIехула хьацарца пудар охьа а оьхуш, мераIуьргаш а йусийна, схьакхечира тIаьхьайисина ТIаус, карахь хьарчийна цхьа кехаташ а долуш.

Массарна а йевза и, кхин цхьамма а тергал ца йина, оьгIазйаханчу йуьхьаца Эддаровна тIейахара:

— Ала ца мегара ахь, ва Муси?

Перейти на страницу:
Вы автор?
Жалоба
Все книги на сайте размещаются его пользователями. Приносим свои глубочайшие извинения, если Ваша книга была опубликована без Вашего на то согласия.
Напишите нам, и мы в срочном порядке примем меры.
Комментарии / Отзывы
    Ничего не найдено.